Сестра золотого брата (umm_hayrullah) wrote,
Сестра золотого брата
umm_hayrullah

Categories:

Продолжая рубрику "Нохчийн блоггерша яздо"...

Россин Къилбехь дуьххьарлера йолу четарийн дуьненаюкъара лагерь дIахьур ю Нохчийчохь –

яздо, дукха хан йоццуш кхоьллинчу шен блогехь, Хаджимурадов Iийсас:

2013-чу шеран июнь баттахь Нохчийн Республикехь дIахьур ю «International camp»  аьлла четарийн дуьненаюкъара лагерь. Иза вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а арахьарчу зIенийн департаменто.

Кадыров Рамзанан говза куьйгалла бахьанехь Нохчийчохь хиллачу дикачу хийцамашна дуьненан юкъарлонан тидам тIе бахийта лерина ю «International camp».

ДIадаханчу шеран сентябрь баттахь арахьарчу зIенийн департаментан коллективаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикан Куйьгалхочо хаийтира лакхахь билгалъяьккхина проект дIаяхьийта ша реза хилар.  Иштта, форуман дакъалацархошца цхьаьнакхета а, царца масех де даккха а лаам гучубаьккхира цо.

«International camp»  Къилбаседа Кавказан жовхIаран – Къоьзан Iоман бердашна тIехь дIахьур йолуш ю.

Веданан районан Къоьзан Iам  Къилбаседа Кавказехь уггаре боккха а, кIоргга а Iам бу. Иза хIордан сизал 1869 метр лакхахь бу. Iоман кIоргалла 74 метр ю. Йохалла – къилбаседехьара къилбехьа 2 километр, малхбузехьара малхбалехьа  2,7 километр. Уггаре йоккха шоралла – 735 метр.

grozny-isa.livejournal.com

« «Къонах» боху исбаьхьа дош»

- аьлла статья язйина блоггера Чагаева Тамарас:

Цкъа цхьаьна цхьанакхетарехь хьалха Москван мэр хилла волчу Лужков Юрийс Эсамбаев Махьмуде элира: «Махмуд, ты настоящий къонах!». Цу дешан маьIна девзарш хазахетарца куьйгаш детта буьйлабелира. Ткъа и хIун дош ду ца хуурш, шайна уллехь Iашболчарга хетта буьйлабелира М.Эсамбаев сел чIогIа велавелла, шега вистхиллинчунна мара кхетийтиначу дешан маьIна.

Тахана, «Хьайбах: таллам дIахьош бу…» киншкин хьалхалера кеп тоечу хенахь, цхьана стагах лаьцначу  дийцарна тIе нисъелира со. Цу стеган цIарна уллехь хIиттош ду «къонах» боху дош. Хьайбахахь хиллачу бохаман теш хилла волу Закриев Саламбек ву цигахь вуьйцург (хIинца-м дийна вац иза). Шуна дерриге а кхетийта, и стаг вевзачу наха дийцинчух цхьа кийсаг ялор ю ас: «Кхин цхьаъ бохам нисбелира Закриев Саламбекан доьзална тIе. Бевдда боьлхучу зударийн а, берийн а тобанца цхьана яра кхуьнан зуда Сацита, карахь шо кхаьчна кIант Сайхан а волуш. ХIетахь доьхкуш ма-хиллара, бер йовлакхца букъа тIе дихкинера цо, иштта яда аттаха дара. Сацитина уллехь яра доьзалхочух йолу Эльгакаева Мелимат а, йоьлхучу жимачу йоьIан куьг лаьцна кхин цхьаъ къона зуда а.

Цхьанхьара герз детта дуьйлира. Хьалхаха Мелимат охьаюьйжира, тIаккха къона зуда. Юьйжира Сацита а. Хилларг хиъна волу Саламбек цхьана воккхачу шина стагаца байъинарш лаха вахара. Дукха ца Iаш тIекхечира уьш бохам хиллачу метте. Еллачу Сацитин тIехула Iуьллуш вара Саламбекан жима кIант. ЧIогIа лазийначу, леш йолчу зудчунга мухха а, йовлакхах бина шед схьабастбелла хилла. Цхьа тамашийначу бIаьргашца хьоьжура бер шена тIехIиттинчу нахе. Цхьа де а, буьйса а яьккхинера кIанта ненан докъанна уллехь.

Саламбек воьхнера. Уггаре хьалха цуьнан коьрте деара: хIинца, ша вовза а вевзина, баккхийчу наханна хьалха, кIант шена тIеозалург хилар. «ХIан-хIа, иза ма хилийталахь. Ма хилийталахь…», - доьхура Саламбека Деле, баккхийчу наханна тIехьа а лечкъаш. Шен дегIе хьаьдина шийла хьацар хаалора цунна. Нохчийн Iадаташца догIуш дац баккхийчу нахана хьалха бер хьастар. Саламбека даима лардора и Iадат. ХIинца а, шена уггаре хала долчу минотехь а, баккхийчу нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттучул, ше кIант велла хуьлуьйтур вара цо.

Ткъа кIант-м, шен ненан шийлачу дегIах схьа а ваьлла, лачкъа гIерташ, генна вуьйлучу шен дена тIеволавелира, такха а текхаш.

«Делан дуьхьа, дIа ма таттахь иза», - дийхира баккхийчу наха, берана некъ буьтуш. КIанта, лаьттачарна ша тIе ма кхаьччинехь, тIе а текхна, меллаша шен ден когаш мара боьхкира… Баккхий нах боьлхура…»

t-chagaeva.livejournal.com

«Зазин совгIат»

аьлла шен ненах лаьцна Мазаева Бэлас яздина долу дийцар даладо шен блогехь Сайдаев Ислама:

Дукха хан йоццуш, Россин коьртачу цхьана каналехь Советан союз йолчу заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу клоунах Попов Олегах лаьцна передача яра. Цуьнга хьаьжинчул тIаьхьа, сайн ненах Зазех лаьцна гIайгIане а, самукъне а дагалецамаш хьевдира сан даг чу. ДагадогIу, цу генарчу хенан цхьана дийнахь тхан нанас доккха совгIат динера тхуна – гIараваьллачу клоуне самукъа даккхийта цирке дигира тхо.

Сан ненан цIе (Дала гечдойла цунна) Лабазанова Заза яра. Иза йина 1947-чу шеран 1-чу майхь махках ваьккхинчу Шишханов Хожин доьзалехь. Цуьнан цIе нохчашлахь туьллуш яцара. Цу ц1арца доьзна дийцар, цуьнан дерриге дахар а санна, тамашийна дара. Казахстанехь волчу хенахь, Зазин дас колхозера етт дIа а бигина, махках баьхна болу мацбелла нах бузийнера. Цу бахьанехь набахти чу воьллинера иза. Цуьнца цхьана набахти чохь Заза цIе йолуш цхьа гуьржи хилла.  Кхо шо хан чохь яьккхина, цу ханна шен доттагI хиллачу Зазица ша дIасакъаьсташ, Хожас дош делла хилла гуьржичунна, цуьнан цIарца шен дуьххьарлерчу доьзалхочуна цIе тилла. Иштта дIайолалуш ю сан ненан Зазин дахаран истори.

1957-чу шеран апрель баттахь сан ненан доьзал Соьлжа-ГIала цIа бирзира. Амма уьш хьалха Iийначу меттехь кхин нах бара Iаш. Заза шен деца, ненаца Октябрьски районехь яха хиира. Жима тIаьхьуо, петарийн цIенош дечахь болх беш хиллачу Зазин нанна – Алиева Тамарина «Березкин» кIоштахь петар елира.

Заза йоккха а хилла, ненаца цхьаьна гIишлош ярехь болх беш яра. Тамарина шен йоIанна кхин а диканиг дезара. Цундела хIуманаш тега Iама яхийтира цо Заза. Иза боккха аьтто бара, хIунда аьлча хIетахь нохчашна деша ваха вуно хала дара. Шина шарахь деша дезаш долу дешар, цхьаьна шарахь эха шарахь чекх а даьккхина, №4 йолчу ателье балха яхара Заза. «Вайнах» ансамблан хелхарчийн костюмаш кечъйора цо. Эсамбаев Махьмудан цхьадолу духарш а тегнера Зазас.

ТIаьхьуо, «Силуэт» цIе йолчу хIуманаш тоьгучу фабрике балха яхара сан нана. Цигахь дика говзанча санна билгалъяьллера иза. КхидIа фабрикин куьйгалхо яхийтархьама, Ростован кIадин промышленностан институте деша хьажаян гIерташ бара куьйгалхойх болу нах. Амма дас-нанас ша цхьаъ яха пурба а ца делла, Ростове деша ца йоьдуш йисира Заза.

Тхо цирке дахарна тIе юхайогIуш ала деза, сан хIетахь исс шо дара, цхьаузза бен со сайн ненаца кхин циркехь хилла яцара. Сан халахетарна, нанас чIогIа вийцина волу клоун О.Попов циркан актерийн тобана юкъахь ца хиллера. Амма, ша гIараваьллачу клоунна куй тегарх лаьцна сан нанас дийцар цкъа а дицлур дац суна.

60-чу шерийн юккъахь дара иза. Нанас болх бечу фабрикехь дIакхайкхийна хилла цирк схьайоьллуш хилар. Москвара а, Ленинградера а Соьлжа-ГIала бохучу циркан артисташна совгIатна костюмаш тега аьлла хилла. Билгалдаьккхина артисташна юкъахь Попов Олег хилар а. Цу хенахь совгIатна яла хIума тега кIади карадан вуно хала хилла, шен чотах хIетте а. ТIаккха Зазина дан хIума карийна: кIадех мел йисина цуьргаш схьа а лахьийна, царех куй тега дагадеана цунна. КIадин цуьргаш нийса вовшах а хIуттуш, куй тегна Зазас, дехьа-сехьа а, лакха тIехь а кхо нуьйда йолуш. Нуьйдарчий тIехула Iаьржа кIади тегна хилла. Ткъа куйн чухулара кIади кIайн басахь хилла.

Заза ца кхаьчна цирк схьайоьллучу. Цхьана кехата юкъа а хьарчийна, шен накъосте Саците О.Поповна дIало аьлла, куй дIабелла цо. Клоун хьажархошна уллехула тIехволучу хенахь, Сацитас шегара кехат дIа кховдийна цуьнга. О.Поповс шен коьртара куй схьа а баьккхина, кхоьссина  арени тIехула дIа а ластийна, сан нанас тегна куй тIетиллина. Ткъа цул т1аьхьа, дIа ца вохуьйтуш, вехха сийцинера хьажархоша шайна дукхавеза клоун.

Керла куй артистехь дукха тайна хилар бахьанехь, шолгIачу дийнахь афишанш хийца йийзира. Керлачу суьрташ тIехь сан нанас белла куй а тиллина вара гIараваьлла клоун.

Нана йоцу пхи шо хан ю х1инца. Телевизор чухула Попов Олег мосазза гойту,  сан самукъа долу, ткъа дага тIехь йовхо хуьлу…

islam_saidaev.livejuornal.com

Зорбане кечйинарг – А.Мусаева

Subscribe

  • Перед осенью даже любовь бессильна...

    Одна из любимых фотографий. Сделана 19 ноября 2013 года. В тот день вышла с подругой поснимать осенний город. Мы заметили, что рядом с мечетью…

  • У нас юбилей)

    Друзья! Приближается юбилей нашей газеты "Даймохк", единственной во всем мире, которая издается на чеченском языке. В этом году нам…

  • Помним

    Очень редко смотрю телевизор. Еще реже чеченское тв. Мама зашла в мою в комнату, включила телевизор. Чеченские новости. Во всех районах республики…

  • Post a new comment

    Error

    Anonymous comments are disabled in this journal

    default userpic

    Your IP address will be recorded 

  • 4 comments