Сестра золотого брата (umm_hayrullah) wrote,
Сестра золотого брата
umm_hayrullah

Только фото...

Писать в ЖЖ перестала... Пожалуй, дело во времени. Понимаю, что уже не мыслю себя без камеры. До сих пор не купила, но вот-вот... Не так давно вышла снова на работу, пишу статьи, комп сегодня все глотает... последняя статья вообще бесследно исчезла и вот я пишу снова. Но желания уже нет, да и вдохновение уже не то. Сломался комп и все мои фотографии, сделанные на мыльницу, которые ждали обработки... просто исчезли. Но у меня уже есть новые. Добавлю чуть-чуть. Недавно я побывала в одном заброшенном доме. Это бывший Грозненский научно-исследовательский институт. Здание поражает своей красотой и снаружи напоминает крепость. Я со своей врожденной любовью к заброшенным старым домам, была просто в восторге от этого места. Нашли мы с трудом... Никто не знал где находится улица имени братьев Дубининых. По найденным данным, братья Дубинины были крепостными крестьянами. Позже они стали изобретателями в нефтеперерабатывающей промышленности. Здание настолько загадочное, что как только заходишь внутрь происходит невероятный выброс адреналина, прямо дух захватывает. Черное, обгоревшее, местами проваливающееся здание... черные стены... обломки, осколки на полу... разные документы старые, фотопленки и даже колбы с жидкостями(!) - это просто находка. Там нужно побывать еще и еще... Потому что такие ощущения (волнение, страх, восторг вперемешку) мало где еще испытаешь. Было ощущение, что я в каком-то фильме ужасов и что вот-вот произойдет что-то ужасное... Написала статью про это здание на чеченском для своей газеты. Добавлю статьи и фотки.
И, да, причина, побудившая меня сегодня написать, это два новых френда, которые сегодня добавились: info_grafika и yu_dzin. Спасибо им) за небольшое вдохновение)
сестры дубинины 052
ГрозНИИ

ГрозНИИ
ГрозНИИ
ГрозНИИ
ГрозНИИ
ГрозНИИ
ГрозНИИ
ГрозНИИ
Это не все фотографии, остальные добавлю позже.

Яккхалур йоцу гIап хилла лаьтта

Баккхийчара дийцарехь хьалхалера Соьлжа-ГIала вуно хаза хилла. Цуьнан тоьшалла до хьалхалерачу суьрташа. Даккхий диттанаш, башха гIишлош, театраш, паркаш, фонтанаш – дерриге а шен исбаьхьаллица къаьсташ ду царна тIехь. Ткъа суна а, сан хеннара болчу кегийрхошна а тIамо йохийна гIала бен гина яц. Тхуна ца гина хьалхалера хазаллаш. Делахь а, Нохчийчохь тIом баьлла, девдда лелачу хенахь, дуьненахь уггаре а хаза шахьар хуьлий, ойланехь, кхетамехь, гIан-набаршкахь даима лаьттара, тIамо хIаллакйина йолу сан  ГIала. Цул хаза меттиг хIокху доккхачу лаьтта тIехь ю аьлла а ца хетара. Сан жимачу дагна уггаре а доккха хазахетар хуьлура цхьана денна а Соьлжа-ГIала ян йиш хилча. Автобусан корах арахьоьжуш, тIамо дохийна девза урамаш гича, дагна шатайпа «там» хуьлура. Дукха яра хIетахь йохийна гIишлош. ХIинца-м Соьлжа-ГIала тойина. Гуттар а хазаелла дIахIоьттина, цкъа мацах т1амо ягош хилла шахьар. Бакъду, хIинца а тояза йисина цхьацца гIишлош ю вайн пачхьенехь. Царех цхьаъ ю Заводской районан вежарийн ДубинингIеран цIарах болчу урамехь йолу йоккха башха гIишло. Цигахь Соьлжа-ГIалин Iилманан-талламан институт хилла (ГрозНИИ).

ГрозНИИ – мехкадаьтта кечдар Iаморан декъехь дуьненахь дуьххьарлера институт хилла. Мехкадаьттан физикин-химически билгалонаш Iамош, мехкадаьттан геологин декъехь Iилманан-талламан белхаш дIахьош,  иза кечдаран керла кепаш, аппараташ юкъайогIуш белхаш беш хилла цигахь.

Вежарий ДубинингIар оьрсийн гIаплой хилла. Мехкадаьттан башхаллаш талла буьйлабелла, эххар а мехкадаьтта даккхаран промышленностан кхоллархой хилла царех. ТIаьхьо церан цIе тиллина ГрозНИИ-н гIишло йолчу урамна.

ГрозНИИ  кхоьллина  Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан а, газан а промышленностан «Грознефть»  пачхьалкхан цхьаьнатохаран омранца 1928-чу шеран 8-чу ноябрехь.

СССР-н  мехкадаьттан промышленностан министерствон омранца 1952-чу шеран 23-чу майхь институт екънера. Соьлжа-ГIалин мехкадаьтта даккхарехула йолу Iилманан-талламан институт а, Соьлжа-ГIалин мехкадаьтта кечдарехула йолу Iилманан-талламан институт  а йира цунах. ТIаьхьо, 1954-чу шеран 15-чу ноябрехь оццу министерствон омранца юха а цхьа институт йира царех. Цу тайпа хийцамаш масийттаза бира.

Билгалдаккха деза, 1978-чу шеран 21-чу сентябрехь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман указца ЦIечу Байракхан къинхьегаман орденца совгIат динера институтана.

Тхоьга кхаьчначу хаамашца, 1990-чу шерийн чаккхене кхаччалц болх беш хилла институт. Ткъа хIинца-м  цхьа хехо воцург, кхин адам а дац оцу кертахь. ТIамо йохийна, яьгна лаьтта ГрозНИИ-н гIишло, яккхалур йоцу гIап санна. Гуобаьккхина йина йоккха керт а ю цу гонаха. Цхьа шатайпа хазалла ю оцу йоьхначу гIишлонехь. Йиъ гIат йолчу гIишло чохь яганза цхьа а чоь ца йисина. Амма, тамашийна делахь а, учахь, чоьнаш чохь лаьттахь Iоьхкуш тайп-тайпана кехаташ, шайн чохь цхьацца хиш долу куьзган пхьегIаш,  тайп-тайпана суьрташ тIехь долу пленкаш, кхиболу гIирсаш а бу. Хехочо ма-аллара, тIаьхьарчу хенахь дуккха кегийрхой оьху цига суьрташ даха. Оцу тишачу цIа чу ма-ваьллина, дагчохь тамашийна синхьаам кхоллало: кхерам а, цецвалар а, хазахетар а, сингаттам а, дерриге ийна. Хьуо кхечу дуьненахь, дахаран дозанал дехьа волуш санна ойла хIутту коьрте. ХIинца-хIинца цхьана хIумано хьо Iадор волуш санна, кхера а кхоьруш, меллаша ког боккхуш лела дог догIу цу чохь. Амма хьо цхьауза цигахь хиллачул тIаьхьа,  кхин а юхаваха лаам хуьлу. Иштта тамашийна меттигаш  ю вайн Соьлжа-ГIалахь. Газетан рогIерчу номерашкахь оха шуна уьш кхин а йовзуьйтур ю.

Tags: Грозный, фото
Subscribe

  • Post a new comment

    Error

    Anonymous comments are disabled in this journal

    default userpic

    Your IP address will be recorded 

  • 6 comments