Category: наука

Category was added automatically. Read all entries about "наука".

«Даймахко» ненан матте безам алсамбаьккхина

Даимма а безна суна сайн ненан мотт. Нохчийн мотт бийца йиш йолчахь а, шен доьзалехь а оьрсийн мотт буьйцург вуно осала а хетта. Ткъа къин муха хетар ву, ша винчу шен ненан мотт, вайн дайша жовхIар санна ларбеш, кхиийна лераме нохчийн мотт бицбина, кхечу матте вирзинарг?!

Хийрачу махкахь яра аьлла, дIатесна ца битина ас ненан мотт. Цуьнан сий дар а, иза бийцар а – сайн декхар хетта суна, суо нохчий йолун дела. Делахь а, тIамо Даймахках яьккхина, хийрачу махкахь кхиар баьхьна долуш, школехь нохчийн мотт Iамабан йиш ца хилла сан. Цундела, бийцарехь бен цуьнах пайда эцна яцара со, яздарехь сайн гIалаташ хир ду аьлла тешна йолуш. Бакъду, оьрсийн маттахь байташ, сочиненеш, статьяш язъеш чIогIа хазахетара. Мухха делахь а, Делан лаамца, «Даймохк» а, «Вести Республики» а газеташа дIакхайкхинчу конкурсехь дакъалацар нисделира сан. Нохчийн маттахь цхьа а хIума язлур дац аьлла, суо тешна йолушшехь, статья а язйира ас конкурсе. Нохчийн маттахь язйинарш кIеззиг хиларан баьхьна долуш нисделлехь а, муххале а  цхьаьна баьхьница хьалхара меттиг яьккхина, «Даймохк» газетехь болх бар нисделлира сан. Дуьххьара хала хетар яздан, цIа оьрсийн маттахь язъеш, юха гочдеш хIуманаш леладор. Юл-юлаш сайн балхах дIайоьллачул тIаьхьа, гуттар а алсамбелира сан ненан матте болу безам. Де-дийне мел долу а, чIаглуш схьайогIуш ю нохчийн маттаца йоьзна йолу деган йовхо.

Сайн коллективах а, балхах а дIаийначу сан ойла кхоллало: «Ма дика а ду-кх, кхечу газете ца йоьдуш, «Даймахке» со еана. Сийлахьчу ненан метан шоралла а, хазалла а ма-ярра евзар яцар-кх суна, оьрсийн маттахь язъеш ас сайн болх а, дахар а дIадаьхьнехь», - олий. ХIинццалц оьрсийн маттахь йина йолу ойла а нохчийн матте йирзина. Айса сайна тIехь тидам бича, хаало, гуттар а нохчийн мотт дагна марзбелла хилар. Т1аьхьарчу хенахь, ур-аттала телефон чохь язъеш йолу «смс», я электронни почтехула яздеш долу кехат а цхьаьна, дерриге нохчийн маттахь яздо ас, оьрсийн маттахь яздан йолаелча, юха а, хьаьвззина, ненан матте йоьрзу ойла.

Ненан матте болчу безамо дог-ойла гIаттийначу сан коьрте яьхкира цхьа гIийла байташ, нохчийн меттан дозалле хьаьжца, гIийла ю-кх уьш:

«Жималлехь дуьйна хьо даггара бийцина,

Хийрачу махкахь а хьан сий дина ас.

Осала хетта, хьо ларамза бицбинарг,

Хьан ларам ца бечо, сан дагна йо вас.

Халонехь, къийсамехь тхан дайша кхиийна,

Сийлахьчу тхан нанойн сийдолу мотт,

КхидIа а, даимма хьо маьрша кхуьийла,

Хьоь болчу сан безаман ялур яц чот…»

Далла бу-кх хастам, уггаре хьалха бусалба а, цул тIаьхьа нохчий а вай кхолларна. Туьйранашкахь, иллешкахь дийццал хаза гIиллакхаш вайн нохчийн хилча, вай хIун аьлла дIатосур ду уьш? Оццул кIеда, мерза, хаза вайн нохчийн мотт хилча, вай хIун аьлла бицбийр бу иза? Цуьнан сий ца дан, я доьзалехь а, адамашлахь а бийцар дIатаса вай хIун баьхьна ду? Ойла ейша, хIай нохчий!..

АСЕТ МУСАЕВА
P.S. Стихи тоже мои)))