Category: происшествия

Category was added automatically. Read all entries about "происшествия".

Вайн бакъо яц уьш бицбан

ток-шоу сталинградская битва 015
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарехь тайп-тайп дакъа ду СССР-хь дехаш хиллачу къаьмнийн.
Нохч-ГIалгIайчуьра иттанаш эзарнаш б1аьхой хилла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш. Карарчу хенахь Нохчийчохь висина  тIеман  73 ветеран ву. Царех цхьаъ ву Нохчийн Республикин ветеранийн Советан председатель волу Гакаев Ваха. Иза вина 1922-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Шен 13 шо долчу хенахь, 1935-чу шарахь кулакаш бу аьлла махках бохучу шен гергарчаьрца кхалхийна иза. Цигахь кхо шо а даьккхина, ведда цIа веана хилла кIант. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь хиллачу НКВД-н  набахти чохь а валлийна иза. Цигара араваьккхина, эшалон тIе хаийна дIахьажийна, юха а махках ваьккхина. Ханна жима хиллехь а, дукха къахьега  дезна кIентан хийрачу махкахь. Эххар а, 1938-чу шеран 6-чу ноябрехь цIа вирзина Ваха шен гергарчу нахаца цхьаьна.
ЦIа веанчул тIаьхьа «Грознефтан» автобазехь грузчикан болх бина В.Гакаевс. Дукха ца Iаш, машен а елла, водитель вина цунах. Цу хенахь заводехь наггахьчуьнга бен луш ца хилла машен. Цигахь болх беш волчуьра вахана иза тIам тIе. Нохч-ГIалгIайн  къаьсттина 255-гIа полк яра вовшахтухуш. Цу полка юкъахь дIаязвина вацара Ваха, амма кхуьнан машен яра дIаюьгур ю аьлла. Ша дIаязвина воццушехь, шен машенахь новкъа ваьлла дIавахара иза, кхечарна тIаьххье.
Краснодарехь севцина, цигахь цхьацца кечамаш бина, цигара дIа Сталинграде яхара кхеран полк. ХIетахь цаьрца хиллачу йозанчас дийцина ма-хиллара, 1200 стаг хилла уьш верриге а. Дукха ца Iаш, и полк шина дивизина йийкъира. ГIебартойн-Балкхаройн 115-чу дивизе нисвелира Ваха. Машенашкахула салтий дIасабоькъучу хенахь  лейтенантан Макарчукан гIуданан батальоне кхечира В.Гакаев. Вайнахах  цхьа а стаг вацара цуьнца. Х1орш машенахь боьлхуш, яккхий тоьпаш етта йолийра. ТIом болабелира. Машен сацийна, салтий охьабиссира. Лазийнарш шайн автоматашца цхьана машенна т1е кхоьхьура Вахас. Иштта, шийтта лазийна салти вовшахтуьйхира цо, царех ялх кIелхьара ваьккхира, кхиберш ца бахабелира.Уьш муьлш бу а ца хаьара Вахина… Дукха хIума ган а, лан а дийзира ткъа шо кхачанза а волуш, тIам тIе ваханчу к1ентан. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа, Ярославле хьажийра Ваха водитель  ву, аьлла. Цигахь «Росснаббыт» олучу меттехь болх бира цо.
Велакъежарца дуьйцу Вахас ша Москва цIаварах лаьцна (кхуьнан доьзал Москвахь Iаш хилла тIом болчу хенахь).   Ярославлехь волчу хенахь, цхьана дийнахь новкъахь цхьа цигон дуьхьал яьлла хилла цунна, пал тасийта аьлла. «ХIан-хIа» ,- аьлча а, тIаьхьара йолуш ца хилла. Къастийна ахч дац шегахь аьлча, ша бухудуьсург юхалур ду аьлла, пал тесначу цигоно «Дукха ца Iаш, кехат догIур ду хьоьга», - аьлла. ХIара цIа ма-кхаьччина, кехат деана кхуьнга, Москва дIакхойкхуш. Иштта новкъа ваьлла, Москва дIавахана Ваха. ЦIерпошта тIера охьа а воьссина,(шена оьшу) Карл Марксан цIарах урам карор барий-те бохуш, ойла еш схьавогIуш хилла. Цхьа бIе метр дехьа ма-ваьлли, керла дина кегий цIенош а, некъаш тоден машенаш а хилла лаьтташ, арахь ловзуш бераш а хилла. Берашка хоттур ду-кх ша Карл Марксан урам муьлханиг бу аьлла, дагадеанчу кхунна, дIахьаьжча корехь Iаш шен нана а, арахь ловзуш шен жимахволу ваша а гина. Иштта, воггIушехь цIа кхечира Ваха. Иза дара 1946-гIа шо. Цул тIаьхьа 2008-гIа шо доладаллалц Москвахь Iийна ГакаевгIар.
ДIадаханчу шарахь тIеман ветеранийн Советан председатель а хIоттийна, цигахь къахьоьгуш ву Ваха. Республикин юкъараллин дахарехь, кегийрхой кхетош-кхиорехь а дакъалоцу цо, тIеман исторех лаьцна дуьйцу берашна. Доккхачу хазахетарна, шен хене хьаьжна доцуш, воккха стаг вуно дика лелаш ву, хилла долу хIуманаш дика дагахь латтош а ву. Ур-аттал, Сталинградехь шаьш мел хиллачу куьпан, ураман цIе а, дерриге терахьаш а дагадогIу цунна. Дала сий дойла-кх цуьнан а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъа мел лаьцначеран а! Цара вайна динарг доккха гIуллакх ду. И гIуллакх вай цкъа а дицдийр дац я дицдан бакъо а яц вайн.

Продолжая рубрику "Нохчийн блоггерша яздо"...

Россин Къилбехь дуьххьарлера йолу четарийн дуьненаюкъара лагерь дIахьур ю Нохчийчохь –

яздо, дукха хан йоццуш кхоьллинчу шен блогехь, Хаджимурадов Iийсас:

2013-чу шеран июнь баттахь Нохчийн Республикехь дIахьур ю «International camp»  аьлла четарийн дуьненаюкъара лагерь. Иза вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а арахьарчу зIенийн департаменто.

Кадыров Рамзанан говза куьйгалла бахьанехь Нохчийчохь хиллачу дикачу хийцамашна дуьненан юкъарлонан тидам тIе бахийта лерина ю «International camp».

ДIадаханчу шеран сентябрь баттахь арахьарчу зIенийн департаментан коллективаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикан Куйьгалхочо хаийтира лакхахь билгалъяьккхина проект дIаяхьийта ша реза хилар.  Иштта, форуман дакъалацархошца цхьаьнакхета а, царца масех де даккха а лаам гучубаьккхира цо.

«International camp»  Къилбаседа Кавказан жовхIаран – Къоьзан Iоман бердашна тIехь дIахьур йолуш ю.

Веданан районан Къоьзан Iам  Къилбаседа Кавказехь уггаре боккха а, кIоргга а Iам бу. Иза хIордан сизал 1869 метр лакхахь бу. Iоман кIоргалла 74 метр ю. Йохалла – къилбаседехьара къилбехьа 2 километр, малхбузехьара малхбалехьа  2,7 километр. Уггаре йоккха шоралла – 735 метр.

grozny-isa.livejournal.com

« «Къонах» боху исбаьхьа дош»

- аьлла статья язйина блоггера Чагаева Тамарас:

Цкъа цхьаьна цхьанакхетарехь хьалха Москван мэр хилла волчу Лужков Юрийс Эсамбаев Махьмуде элира: «Махмуд, ты настоящий къонах!». Цу дешан маьIна девзарш хазахетарца куьйгаш детта буьйлабелира. Ткъа и хIун дош ду ца хуурш, шайна уллехь Iашболчарга хетта буьйлабелира М.Эсамбаев сел чIогIа велавелла, шега вистхиллинчунна мара кхетийтиначу дешан маьIна.

Тахана, «Хьайбах: таллам дIахьош бу…» киншкин хьалхалера кеп тоечу хенахь, цхьана стагах лаьцначу  дийцарна тIе нисъелира со. Цу стеган цIарна уллехь хIиттош ду «къонах» боху дош. Хьайбахахь хиллачу бохаман теш хилла волу Закриев Саламбек ву цигахь вуьйцург (хIинца-м дийна вац иза). Шуна дерриге а кхетийта, и стаг вевзачу наха дийцинчух цхьа кийсаг ялор ю ас: «Кхин цхьаъ бохам нисбелира Закриев Саламбекан доьзална тIе. Бевдда боьлхучу зударийн а, берийн а тобанца цхьана яра кхуьнан зуда Сацита, карахь шо кхаьчна кIант Сайхан а волуш. ХIетахь доьхкуш ма-хиллара, бер йовлакхца букъа тIе дихкинера цо, иштта яда аттаха дара. Сацитина уллехь яра доьзалхочух йолу Эльгакаева Мелимат а, йоьлхучу жимачу йоьIан куьг лаьцна кхин цхьаъ къона зуда а.

Цхьанхьара герз детта дуьйлира. Хьалхаха Мелимат охьаюьйжира, тIаккха къона зуда. Юьйжира Сацита а. Хилларг хиъна волу Саламбек цхьана воккхачу шина стагаца байъинарш лаха вахара. Дукха ца Iаш тIекхечира уьш бохам хиллачу метте. Еллачу Сацитин тIехула Iуьллуш вара Саламбекан жима кIант. ЧIогIа лазийначу, леш йолчу зудчунга мухха а, йовлакхах бина шед схьабастбелла хилла. Цхьа тамашийначу бIаьргашца хьоьжура бер шена тIехIиттинчу нахе. Цхьа де а, буьйса а яьккхинера кIанта ненан докъанна уллехь.

Саламбек воьхнера. Уггаре хьалха цуьнан коьрте деара: хIинца, ша вовза а вевзина, баккхийчу наханна хьалха, кIант шена тIеозалург хилар. «ХIан-хIа, иза ма хилийталахь. Ма хилийталахь…», - доьхура Саламбека Деле, баккхийчу наханна тIехьа а лечкъаш. Шен дегIе хьаьдина шийла хьацар хаалора цунна. Нохчийн Iадаташца догIуш дац баккхийчу нахана хьалха бер хьастар. Саламбека даима лардора и Iадат. ХIинца а, шена уггаре хала долчу минотехь а, баккхийчу нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттучул, ше кIант велла хуьлуьйтур вара цо.

Ткъа кIант-м, шен ненан шийлачу дегIах схьа а ваьлла, лачкъа гIерташ, генна вуьйлучу шен дена тIеволавелира, такха а текхаш.

«Делан дуьхьа, дIа ма таттахь иза», - дийхира баккхийчу наха, берана некъ буьтуш. КIанта, лаьттачарна ша тIе ма кхаьччинехь, тIе а текхна, меллаша шен ден когаш мара боьхкира… Баккхий нах боьлхура…»

t-chagaeva.livejournal.com

«Зазин совгIат»

аьлла шен ненах лаьцна Мазаева Бэлас яздина долу дийцар даладо шен блогехь Сайдаев Ислама:

Дукха хан йоццуш, Россин коьртачу цхьана каналехь Советан союз йолчу заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу клоунах Попов Олегах лаьцна передача яра. Цуьнга хьаьжинчул тIаьхьа, сайн ненах Зазех лаьцна гIайгIане а, самукъне а дагалецамаш хьевдира сан даг чу. ДагадогIу, цу генарчу хенан цхьана дийнахь тхан нанас доккха совгIат динера тхуна – гIараваьллачу клоуне самукъа даккхийта цирке дигира тхо.

Сан ненан цIе (Дала гечдойла цунна) Лабазанова Заза яра. Иза йина 1947-чу шеран 1-чу майхь махках ваьккхинчу Шишханов Хожин доьзалехь. Цуьнан цIе нохчашлахь туьллуш яцара. Цу ц1арца доьзна дийцар, цуьнан дерриге дахар а санна, тамашийна дара. Казахстанехь волчу хенахь, Зазин дас колхозера етт дIа а бигина, махках баьхна болу мацбелла нах бузийнера. Цу бахьанехь набахти чу воьллинера иза. Цуьнца цхьана набахти чохь Заза цIе йолуш цхьа гуьржи хилла.  Кхо шо хан чохь яьккхина, цу ханна шен доттагI хиллачу Зазица ша дIасакъаьсташ, Хожас дош делла хилла гуьржичунна, цуьнан цIарца шен дуьххьарлерчу доьзалхочуна цIе тилла. Иштта дIайолалуш ю сан ненан Зазин дахаран истори.

1957-чу шеран апрель баттахь сан ненан доьзал Соьлжа-ГIала цIа бирзира. Амма уьш хьалха Iийначу меттехь кхин нах бара Iаш. Заза шен деца, ненаца Октябрьски районехь яха хиира. Жима тIаьхьуо, петарийн цIенош дечахь болх беш хиллачу Зазин нанна – Алиева Тамарина «Березкин» кIоштахь петар елира.

Заза йоккха а хилла, ненаца цхьаьна гIишлош ярехь болх беш яра. Тамарина шен йоIанна кхин а диканиг дезара. Цундела хIуманаш тега Iама яхийтира цо Заза. Иза боккха аьтто бара, хIунда аьлча хIетахь нохчашна деша ваха вуно хала дара. Шина шарахь деша дезаш долу дешар, цхьаьна шарахь эха шарахь чекх а даьккхина, №4 йолчу ателье балха яхара Заза. «Вайнах» ансамблан хелхарчийн костюмаш кечъйора цо. Эсамбаев Махьмудан цхьадолу духарш а тегнера Зазас.

ТIаьхьуо, «Силуэт» цIе йолчу хIуманаш тоьгучу фабрике балха яхара сан нана. Цигахь дика говзанча санна билгалъяьллера иза. КхидIа фабрикин куьйгалхо яхийтархьама, Ростован кIадин промышленностан институте деша хьажаян гIерташ бара куьйгалхойх болу нах. Амма дас-нанас ша цхьаъ яха пурба а ца делла, Ростове деша ца йоьдуш йисира Заза.

Тхо цирке дахарна тIе юхайогIуш ала деза, сан хIетахь исс шо дара, цхьаузза бен со сайн ненаца кхин циркехь хилла яцара. Сан халахетарна, нанас чIогIа вийцина волу клоун О.Попов циркан актерийн тобана юкъахь ца хиллера. Амма, ша гIараваьллачу клоунна куй тегарх лаьцна сан нанас дийцар цкъа а дицлур дац суна.

60-чу шерийн юккъахь дара иза. Нанас болх бечу фабрикехь дIакхайкхийна хилла цирк схьайоьллуш хилар. Москвара а, Ленинградера а Соьлжа-ГIала бохучу циркан артисташна совгIатна костюмаш тега аьлла хилла. Билгалдаьккхина артисташна юкъахь Попов Олег хилар а. Цу хенахь совгIатна яла хIума тега кIади карадан вуно хала хилла, шен чотах хIетте а. ТIаккха Зазина дан хIума карийна: кIадех мел йисина цуьргаш схьа а лахьийна, царех куй тега дагадеана цунна. КIадин цуьргаш нийса вовшах а хIуттуш, куй тегна Зазас, дехьа-сехьа а, лакха тIехь а кхо нуьйда йолуш. Нуьйдарчий тIехула Iаьржа кIади тегна хилла. Ткъа куйн чухулара кIади кIайн басахь хилла.

Заза ца кхаьчна цирк схьайоьллучу. Цхьана кехата юкъа а хьарчийна, шен накъосте Саците О.Поповна дIало аьлла, куй дIабелла цо. Клоун хьажархошна уллехула тIехволучу хенахь, Сацитас шегара кехат дIа кховдийна цуьнга. О.Поповс шен коьртара куй схьа а баьккхина, кхоьссина  арени тIехула дIа а ластийна, сан нанас тегна куй тIетиллина. Ткъа цул т1аьхьа, дIа ца вохуьйтуш, вехха сийцинера хьажархоша шайна дукхавеза клоун.

Керла куй артистехь дукха тайна хилар бахьанехь, шолгIачу дийнахь афишанш хийца йийзира. Керлачу суьрташ тIехь сан нанас белла куй а тиллина вара гIараваьлла клоун.

Нана йоцу пхи шо хан ю х1инца. Телевизор чухула Попов Олег мосазза гойту,  сан самукъа долу, ткъа дага тIехь йовхо хуьлу…

islam_saidaev.livejuornal.com

Зорбане кечйинарг – А.Мусаева

Нохчийн блоггерша яздо***

«Вайна дукхабезарш шайх лаьцна сирла дагалецамаш а буьтуш, дIабольху», - яздо блоггера Устарханова Лаурас ( userinfolaura_radio ):

Хала бара тIаьххьара бутт. 19-гIа декабрь. Нанас телефон туьйхира. ГIайгIане яра иза. Шен да-нана долчахь ю ша элира, шолгIа инсульт хилла метта вижна да. Вистхуьлуш а, юуш-молуш а вац. ШолгIачу дийнахь хьажа-хIотта яхара со. Ткъа дог-м тIулге дац. Хала ду хьайн гергара нах ишттачу хьолехь ган. Сайн ден да суна дага а ца вогIу. Цундела, хIара къаьсттина веза хетара. Цо нийсса ламаз дан Iамайора со, тайп-тайпана дийцарш дуьйцура. ЧIогIа хазахетара цо тхо(берийн бераш) дагардеш (цу дешнийн маьIна ца хиллехь а): О - Мо -  Чепотки - Летом - Петом - Парпалетом – Доз - Моз – Гиназ. ТIаккха тхо лечкъаргех ловзура.

Дукха жимчохь дуьйна, со хьошалгIа моссаза йогIу, цецвуьйлуш, со мила ю хоьттура цо. Сан берриге шичойн цIераш йохура. ТIаккха ас суо Мубарик (иштта цIе йоккхура цо соьх) ю аьлча, кхин а чIогIа цецволура, «хьо муха схьакхаьчна, кемано я цIерпошто ялийна», - бохуш. Цул тIаьхьа бен ца хуьлура «могуш-паргIат» хаттар, дахаран къамелаш дар.

ТIаьххьара октябрь баттахь хиллера со ненан да волчахь. ХIетахь-м вуон вацара иза. Хьалха санна бегаш бора.

Йоккхачу стаганна чIогIа сагатдора цо, хIунда аьлча цхьа шо хан яра цунна цхьа а стаг вевзаш воцу. Ша хьалхе дуьненчуьра дIакхелхича, цуьнга ледара хьовсарна кхоьрура, цуьнан вуон амал бахьанехь. Цуьнца даимма дика хилла вара сан ненан да. Ткъа ненан нана а чIогIа цIена а, хаза а, дика а лелла яра. Ткъа хIинца-м гIийла ю иза.

27-чу декабрехь юха а ягIара со. БIаьргаш схьадоьллуш, ког-куьг меттах доккхуш вара ненан да. Амма къамел-м ледара дора. Мара а къевллина, барт баьккхира ас. Суо евзий хаьттира. Корт а ластийна, гIийла велавелира иза. Со йоьлхура. Вехха цхьаъ ала гIиртира иза. Эххар а, со муха схьакхаьчна хаьттира: кеманца я цIерпоштанца…

2-чу январехь нене телефон туьйхира ас. Иза гIелъелла яра. Мукъа денош долччара, буьйса а йоккхуш, ненан да волчче яха дагадеара суна. Кхин 4 сахьт даьлча, иза дIакхелхира. Цуьнан цIе Iайнди яра. ЧIогIа тамашийна дика стаг вара иза. Вайна дукхабезарш шайх лаьцна сирла дагалецамаш буьтуш, дIабоьлху. Цу дагалецамех даг тIехь йовхо хуьлу, бIаьргашкахь – бIаьрхиш…

laura_radio.livejournal.com

«Пайхамарех (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна гIан», - аьлла дийцар даладо шен блогехь Эстамиров ИбрахIима ( userinfoibrashk ):

Дийцина  цхьаьна бусалба зудчо: Сой, сан хIусамдай Мухьаммад Пайхамарех (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна къамел деш дара. ЦIеххьана сан майрачуьн аз дегийра, «СубхьанаЛлахI, - элира цо, - тахана маьждигехь цхьаммо шен шичаца хилларг дийцинера. Цу кIанто даимма Пайхамаран асхьабех лаьцна дийцарш дуьйцуш хилла, церан ийманах лаьцна, вай цаьрга кхача мел гена ду, бохуш. Эххар а, цуьнан шичо лан а ца лайна, реза воцуш аьлла: «СубхьанАллахI, асхьабаш, асхьабаш…. Иза-м дара, амма вай а ма ду Делан дуьхьа лелаш, къахьоьгуш. Вайна а ма веза Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Вай а ма ду…»

Кхин  ца къийсалуш, и къамел дитина кIанта. Юкъахь хан яьлча, юха а гина цунна шен шич. Иза цхьана хIуманна тIехь хийцавалар гуш хилла. ХIун хилла, аьлла, шега хаттарш дича, дийца волавелла:  «Цу дийнахь, хьоьца къамел динчул тIаьхьа, суна буьйсанна гIан гира. Автобус гира. Соьца цхьаьна цу автобус чохь асхьабаш бара, ткъа водителан меттехь Iаш Пайхамар вара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цхьа лаьмнаш долчу меттигехула доьлхуш дара тхо. Со дIасахьоьжура автобусе а, цу чохь болчарга а. Уьш массо а цу чохь бара. Суна уллехь. ЦIеххьана автобус разъелира. Меллаша гуонах чу хахкаелира. Чехка ца йоьдура иза, ара а ваьлла, сацо таро яра.

«ТIулг. ТIулг а лехна, чкъург кIела хIотто беза», - дагадеана, автобус чуьра  ара иккхира со. Дукха лийхира ас, эххар а цхьа тIулг карийна, со юхахьаьдира. ТIаккха гира суна Пайхамаран асхьабаш а автобус чуьра арабевлла хилар. Ара а бевлла… Автобус сацо, чкъургаш кIела шайн кортош хIиттош бара уьш! Уьш шайн кортош кIелхIиттош бара…

Самаваьлла, цхьа а дош ца алалуш виснера со. Дала гайтира суна церан хьал а, цара Пайхамаран а, бусалба динан а дуьхьа деш хилларг, вай цкъа дийр доцийла а. АллахIу акбар…»

Ша дийцина ваьлча, юьхь тIе куьйгаш лаьцна, дIавирзира сан хIусамда… Ас ойла йора… Кест-кестта, дагахь а доцуш, ваьш дечу гIуллакхех дозалла до вай тидамза. Бусалба динан дуьхьа вай кIеззиг гIуллакх ца до аьлла тарлуш а хир ду. Амма вай мел дукха дича а, асхьабаша шайн синош ца кхоийначахь тIулгаш лехначарех хир ду вай. Бакъ хир ву, шен са дIаделча а, ша кIеззиг до моьттург…».

ibrashk.livejournal.com

«Хьиджаб йоьхна зуда дашо боттан чохь долчу жовхIарех тера ю», аьлла статья язйина блоггера Сайдаев Ислама (userinfoislam_saidaev):

Шен дешархойн коьртахь йовлакхаш ган лаам ца хиллачу Ставрополерчу хьехархочо хьалаайъина долу дов хIинца а дIа ца тийна вайн махкахь. Керла шо тIекхачале журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь Россин Президент В.Путин, гулбеллачеран хаттаршна жоп луш, юха а вистхилира цу хьокъехь. Лераме динан дай хьиджабна дуьхьал хилар билгалдаьккхира цо. Амма церан цIе-м ца яьккхира. ХIинца вай «хьиджаб» олуш долу йовлакх дукха зама хьалха дуьйна Россин Федерацехь Iаш болчу  муьлххачу а къомахчу нехан духарца хилла ду, оьрсийн къоман духарца а цхьаьна.  ХIора а къоман шатайпа хилла и йовлакх, амма цхьатерра лелош-м хилла. Цу тайпачу духарна дуьхьало еш волу стаг шен къоман ламастийн культуранна дуьхьал вуьйлуш ву. Вайн къоман культурин билгало йолчу йовлакхна кхин цIераш техка ца оьшу. Цу бахьанехь вайн ламастийн культурех кегийрхой юхатуху вай.

ТIаккха, йоцучахь халонаш а ца кхуллуш, IадIе вай? Вайн махкахь уьш иштта а тоъал ю. Дукха хан йоцуш, масех стаго къахьегар бахьнехь Нохчийн Республикан къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерство декъехь а йолуш, «Нохчийн Республикин блоггерийн а, журналистийн а кхеташо» кхоьллина. ХIора кIиранах вовшах а кхеташ, чолхе хаттарш дийцаре догIу кхеташонан декъашхоша. И кхеташо кхоьллинчу хенахь дуьйна дийцаре яьккхинчара йоьрзуш яц школашкахь хиджаб лелор дехкаран тема». КхидIа автора довзуьйту цу хаттаран хьокъехь «Блоггерийн а, журналистийн а кхеташонан» декъашхошна хетарг.

islam_saidaev.livejournal.com

Зорбане кечйинарг – А.Мусаева
P.S. Изначально отобрала 5 постов. Но из-за большого размера текста пришлось ограничиться тремя. Текст еще никем не отредактирован, вы - первые читатели. Оцените...

Наш долг - знать и помнить своих героев

Портрет
Издавна чеченский народ славился героизмом, честью, храбростью и отвагой своих сыновей. У всех народов есть свои герои, немало их и у чеченцев. О достойнейших сынах Чечни слагали легенды и сказки, пели песни: Зелимхан Харачоевский, Байсангур Беноевский, Ахмад Автуринский, Бейбулат Теймиев, Сурхо Адиев... список можно перечислять очень долго, но я сейчас не об этом. К счастью, у нас много героев, которыми мы можем гордиться, которых мы любим и помним. В числе героев мне хочется упомянуть и имя Хасана Кааева, о котором я раньше писала в своем журнал http://umm-hayrullah.livejournal.com/3541.html, героически погибшего, спасая жизни тысяч людей. 
Жизнь человека свята и бесценна. И тот, кто спас хотя б одну человеческую жизнь, по праву может считаться героем. Особенно, если ценой такого героизма, становится собственная жизнь. Когда предстает выбор между своей и чужой жизнью, не каждый способен выбрать второе... 
23 декабря исполнилось 23 года с тех пор, как героически ( не побоюсь этого слова) погиб житель с.Алхан-Калы Грозненского района ЧР Хагиев Парудин. 1989 год. Он работал водителем икаруса в мебельном комбинате "Терек" г.Грозного, перевозил рабочих. В тот день ничто не предвещало беды, смерть обычно настигает нас неожиданно... Каждый занят своими делами, спешит кто-куда, даже не задумываясь об этом.... но она приходит, рано или поздно... Недалеко от Памятника пожарным, находящегося в Заводском районе Грозного, неожиданно посреди дороги загорелся пожар. Причиной послужил бензин, растекшийся по лужам. Одной маленькой искры, "отскочившей" от колеса икаруса, хватило для крупного возгорания. Парудин мог спасти свою жизнь, но он ринулся вызволять людей из автобуса. Люди, в панике, забегали обратно в автобус, несмотря на то, что водитель всеми силами пытался их спасти. Большая площадь вокруг автобуса была объята пламенем, поэтому люди боялись... Боялись пройти свкозь огонь. И забегали обратно в автобус, который тоже вскоре загорелся. Не всем удалось выжить в тот день. Не всех удалось спасти... Все же Парудин спас нескольких человек, но поплатился за это ценой собственной жизни... Он ушел героем, оставив после себя 35-тилетнюю молодую жену и семерых детей, младшему из которых был всего один годик. Ушел оставив о себе добрую память....
Наш долг - помнить о таких героях. Наверняка многие знают подобные случаи героизма, чуть меньшего или большего. Мы должны рассказывать о них друг другу, чтобы знать и помнить... Помнить СВОИХ героев. Ведь нет чужой беды и нет чужих героев. 
Вай декхар ду цу тайпа турпалхой дагахь латтор. Дала гечдойла турпаллица д1а мел кхелхинчарна! 

Пока мы помним - ты живой

Он стал живым факелом…

На днях в школе № 54 г.Грозного прошло мероприятие, посвященное памяти молодого парня Хасана Кааева, ценой своей жизни спасшего десятки тысяч людей. Мероприятие было организовано общественной организацией «Оптимум» при поддержке Департамента по связям с религиозными и общественными организациями Администрации Главы и Правительства Чеченской Республики и молодежного движения «Диалог». На мероприятии присутствовали представители перечисленных организаций, а также родители и родственники Хасана Кааева. Трудно было сдержать слезы, слушая как дети рассказывают о подвиге Хасана и читают посвященные ему стихи. Некоторые стихи были написаны именно о Хасане, некоторые были подобраны, звучали они на русском и чеченском языках. Учащиеся школы № 54 настолько душевно рассказывали о подвиге бывшего ученика их родной школы, что пред глазами вставала та ужасная картина… и трагедия, которая могла произойти, если бы не Хасан…  С момента героической гибели молодого пожарника прошло ровно 20 лет. В этом году ему исполнилось бы 41.
DSCF5794

В декабре 2007 года на коллективное письмо в адрес Старопромысловской администрации с просьбой о переименовании улицы Заветы Ильича в улицу имени Хасана Кааева и присвоении СОШ № 54 его имени, пришел следующий ответ: «Сообщаем, что  решением комиссии СОШ № 54 Старопромысловского  района г.Грозного, данное образовательное учреждение  будет носить имя Хасана Кааева (Распоряжение № 1143 от 11.07.08г), а ходатайство о переименовании ул. Заветы Ильича  отклонено в силу отсутствия финансовых средств». Спустя 2 года, в декабре 2010 г. По решению Совета депутатов г.Грозного улица Ялтинская была переименована в улицу имени Хасана Кааева.

На памятном мероприятии директор организации «Оптимум» Ахмаев Руслан представил вниманию присутствовавших коллективное письмо бывших коллег по работе Хасана Кааева, которое было направлено в соответствующие инстанции с просьбой ходатайствовать перед руководством Российской Федерации о присвоении Хасану Кааеву звания «Герой России» (посмертно). Под письмом подписались руководители разных политических партий, общественных и правозащитных организаций, журналисты, а также представители различных фондов и организаций близлежащих регионов. Письмо было написано еще несколько лет назад, однако ответа на него так и не поступило. Хочется верить, что при повторном обращении, просьба о присвоении Хасану Кааеву звания Героя России все-таки будет удовлетворена. Ведь подвиг, совершенный этим молодым парнем – поистине бескорыстен. Пойти на такое мог только человек величайшего достоинства и безмерной отваги.

(Справка)
DSCF5804

Кааев Хасан родился 11 июня 1971 года. Окончил школу № 54 и СПТУ № 12 г.Грозного. Отслужил срочную службу в войсках противовоздушной обороны. Вернулся в Грозный, полный желания быть полезным своему народу. Хасан стал пожарником. Откуда и ушел в бессмертие…  В то роковое утро 21 октября 1992 года стояла промозглая погода и дул холодный, пронизывающий ветер. В нефтепарке № 2 Грозненского нефтеперерабатывающего завода имени Анисимова вспыхнул пожар. Грохот взрывов и вспышек горящей нефти разбудил жителей сел Алхан-Юрт, Алхан-Кала и поселка Кирова. В зоне огня находилось 45 горизонтальных емкостей объемом двести кубических метров каждая. Половина из них была заполнена нестабильным бензином, а вторая половина сжиженным газом. Сразу взорвались две емкости. Если бы хоть один из осколков попал в емкость с пропаном, Алхан-юрт снесло бы с лица земли. В зоне огня оказалась бы вся территория завода имени Анисимова с сотнями тысяч тонн нефтепродуктов и сжиженного газа. Пламя перекинулось бы на резервуары с бензином в поселке Кирова, затем на огромные паровые котлы Новогрозненского ТЭЦ-2 и находящийся чуть в стороне химический завод имени 50-летия СССР, имевший огромнейшую нефтебазу и несколько десятков нефтепарков.

Невозможно даже представить какая трагедия угрожала жителям Грозного и некоторых близлежащих сел. В эпицентре пожара температура достигала до тысячи градусов по Цельсию. На борьбу с огнем был поднят весь пожарный гарнизон, но люди были бессильны против огненной стихии.  Для того, чтобы пожар не перешел в катастрофу, нужно было закрыть задвижку на пути к емкостям с пропаном. Кто-то должен был рискнуть и пойти на жертву ради спасения десятков тысяч людей. Рискнул самый молодой сотрудник пожарной службы Хасан Кааев. Ему был всего 21 год. Он только-только начинал жить… Наверняка у него были друзья, любимая девушка… у него были родители, безумно любившие его и воспитавшие из него достойного человека…

Ожоги, полученные во время первого взрыва, не остановили Хасана. Он продолжал бороться с огнем, упорно двигаясь вперед, в эпицентр огня. Его действия были осознанными и целенаправленными. Он выполнил задачу, локализовал пожар и предотвратил катастрофу. Для того, чтобы другие могли жить, любить и смеяться, он пожертвовал своей жизнью… Жизнью короткой, но героической.

Кааев Хасан факелом живым

Запомнился и близким, и родным.

В истерике забьется мать…

Кто может слезы удержать?

Когда шагнул он в этот ад,

Не ждал ни славы, ни наград.

Все просто: жизнь людей спасти.

«Прошу я, мама, ты прости,

Что не вернусь живым домой,

Что крикнешь ты «Сынок, родной…»,

Что каждый вечер будешь ждать.

Что делать? Все сложилось так.

И по-другому не могу никак.

Родная, ты должна понять,

Кому-то жить, кому-то умирать…»   

Ценою жизни спас других,

Ты будешь жить в сердцах людских.

Пока мы помним, ты живой,

Красивый, сильный, молодой.

Стихотворение Аллы Правдиной

Некоторые данные приведены на основе материалов Архивного управления Чеченской Республики