Category: россия

Category was added automatically. Read all entries about "россия".

Вайн бакъо яц уьш бицбан

ток-шоу сталинградская битва 015
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарехь тайп-тайп дакъа ду СССР-хь дехаш хиллачу къаьмнийн.
Нохч-ГIалгIайчуьра иттанаш эзарнаш б1аьхой хилла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш. Карарчу хенахь Нохчийчохь висина  тIеман  73 ветеран ву. Царех цхьаъ ву Нохчийн Республикин ветеранийн Советан председатель волу Гакаев Ваха. Иза вина 1922-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Шен 13 шо долчу хенахь, 1935-чу шарахь кулакаш бу аьлла махках бохучу шен гергарчаьрца кхалхийна иза. Цигахь кхо шо а даьккхина, ведда цIа веана хилла кIант. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь хиллачу НКВД-н  набахти чохь а валлийна иза. Цигара араваьккхина, эшалон тIе хаийна дIахьажийна, юха а махках ваьккхина. Ханна жима хиллехь а, дукха къахьега  дезна кIентан хийрачу махкахь. Эххар а, 1938-чу шеран 6-чу ноябрехь цIа вирзина Ваха шен гергарчу нахаца цхьаьна.
ЦIа веанчул тIаьхьа «Грознефтан» автобазехь грузчикан болх бина В.Гакаевс. Дукха ца Iаш, машен а елла, водитель вина цунах. Цу хенахь заводехь наггахьчуьнга бен луш ца хилла машен. Цигахь болх беш волчуьра вахана иза тIам тIе. Нохч-ГIалгIайн  къаьсттина 255-гIа полк яра вовшахтухуш. Цу полка юкъахь дIаязвина вацара Ваха, амма кхуьнан машен яра дIаюьгур ю аьлла. Ша дIаязвина воццушехь, шен машенахь новкъа ваьлла дIавахара иза, кхечарна тIаьххье.
Краснодарехь севцина, цигахь цхьацца кечамаш бина, цигара дIа Сталинграде яхара кхеран полк. ХIетахь цаьрца хиллачу йозанчас дийцина ма-хиллара, 1200 стаг хилла уьш верриге а. Дукха ца Iаш, и полк шина дивизина йийкъира. ГIебартойн-Балкхаройн 115-чу дивизе нисвелира Ваха. Машенашкахула салтий дIасабоькъучу хенахь  лейтенантан Макарчукан гIуданан батальоне кхечира В.Гакаев. Вайнахах  цхьа а стаг вацара цуьнца. Х1орш машенахь боьлхуш, яккхий тоьпаш етта йолийра. ТIом болабелира. Машен сацийна, салтий охьабиссира. Лазийнарш шайн автоматашца цхьана машенна т1е кхоьхьура Вахас. Иштта, шийтта лазийна салти вовшахтуьйхира цо, царех ялх кIелхьара ваьккхира, кхиберш ца бахабелира.Уьш муьлш бу а ца хаьара Вахина… Дукха хIума ган а, лан а дийзира ткъа шо кхачанза а волуш, тIам тIе ваханчу к1ентан. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа, Ярославле хьажийра Ваха водитель  ву, аьлла. Цигахь «Росснаббыт» олучу меттехь болх бира цо.
Велакъежарца дуьйцу Вахас ша Москва цIаварах лаьцна (кхуьнан доьзал Москвахь Iаш хилла тIом болчу хенахь).   Ярославлехь волчу хенахь, цхьана дийнахь новкъахь цхьа цигон дуьхьал яьлла хилла цунна, пал тасийта аьлла. «ХIан-хIа» ,- аьлча а, тIаьхьара йолуш ца хилла. Къастийна ахч дац шегахь аьлча, ша бухудуьсург юхалур ду аьлла, пал тесначу цигоно «Дукха ца Iаш, кехат догIур ду хьоьга», - аьлла. ХIара цIа ма-кхаьччина, кехат деана кхуьнга, Москва дIакхойкхуш. Иштта новкъа ваьлла, Москва дIавахана Ваха. ЦIерпошта тIера охьа а воьссина,(шена оьшу) Карл Марксан цIарах урам карор барий-те бохуш, ойла еш схьавогIуш хилла. Цхьа бIе метр дехьа ма-ваьлли, керла дина кегий цIенош а, некъаш тоден машенаш а хилла лаьтташ, арахь ловзуш бераш а хилла. Берашка хоттур ду-кх ша Карл Марксан урам муьлханиг бу аьлла, дагадеанчу кхунна, дIахьаьжча корехь Iаш шен нана а, арахь ловзуш шен жимахволу ваша а гина. Иштта, воггIушехь цIа кхечира Ваха. Иза дара 1946-гIа шо. Цул тIаьхьа 2008-гIа шо доладаллалц Москвахь Iийна ГакаевгIар.
ДIадаханчу шарахь тIеман ветеранийн Советан председатель а хIоттийна, цигахь къахьоьгуш ву Ваха. Республикин юкъараллин дахарехь, кегийрхой кхетош-кхиорехь а дакъалоцу цо, тIеман исторех лаьцна дуьйцу берашна. Доккхачу хазахетарна, шен хене хьаьжна доцуш, воккха стаг вуно дика лелаш ву, хилла долу хIуманаш дика дагахь латтош а ву. Ур-аттал, Сталинградехь шаьш мел хиллачу куьпан, ураман цIе а, дерриге терахьаш а дагадогIу цунна. Дала сий дойла-кх цуьнан а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъа мел лаьцначеран а! Цара вайна динарг доккха гIуллакх ду. И гIуллакх вай цкъа а дицдийр дац я дицдан бакъо а яц вайн.