Category: технологии

Category was added automatically. Read all entries about "технологии".

Марша Iойла хьо, Нана-Нохчийчоь!

x_b9a87dc0
Марша 1ойла хьо, Нана-Нохчийчоь! Оха тхайн до1анашкахь, назманашкахь, узамашкахь йоьхур ю хьо Аллах1-Деле. Марша 1ойла хьан 1уьйренаш, суьйренаш, тхан х1усамаш, кешнийн ох1ланаш...
Тийна йоьлхуш нана йоцуш, тийжаш йоьлхуш йиша йоцуш, г1айг1ане лаьтташ вежарий, верасаш боцуш, шайн яртийн урамашкахь, х1усамашкахь охьаэгначохь бисира заь1апхой, г1орасиз берш а.
Ма беха бар-кх хьо некъ: Кавказера Г1ум-Азе бинарг. Ма къиза бар-кх хьо некъ... Жима-воккха ца къастош, "ясин" доьшуш стаг воцуш, барми т1е диллина дакъ доцуш, хьарчийна марчо доцуш, бехачу некъан бохаллехь ма дукха дисир-кх вайнехан дог1маш, г1арг1анаша б1аьргаш муьйлуш, мецачу экханашна пхьор хилла...
"Дависарг, цкъа мукъане а Нана-Дег1астане б1аьрг тоха йиша елара!", - бохуш, и лаам кхочуш ца хуьлуш, хийлла дех дисира х1ара дуьне сийначу Сибрехахь....

Продолжая рубрику "Нохчийн блоггерша яздо"...

Россин Къилбехь дуьххьарлера йолу четарийн дуьненаюкъара лагерь дIахьур ю Нохчийчохь –

яздо, дукха хан йоццуш кхоьллинчу шен блогехь, Хаджимурадов Iийсас:

2013-чу шеран июнь баттахь Нохчийн Республикехь дIахьур ю «International camp»  аьлла четарийн дуьненаюкъара лагерь. Иза вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а арахьарчу зIенийн департаменто.

Кадыров Рамзанан говза куьйгалла бахьанехь Нохчийчохь хиллачу дикачу хийцамашна дуьненан юкъарлонан тидам тIе бахийта лерина ю «International camp».

ДIадаханчу шеран сентябрь баттахь арахьарчу зIенийн департаментан коллективаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикан Куйьгалхочо хаийтира лакхахь билгалъяьккхина проект дIаяхьийта ша реза хилар.  Иштта, форуман дакъалацархошца цхьаьнакхета а, царца масех де даккха а лаам гучубаьккхира цо.

«International camp»  Къилбаседа Кавказан жовхIаран – Къоьзан Iоман бердашна тIехь дIахьур йолуш ю.

Веданан районан Къоьзан Iам  Къилбаседа Кавказехь уггаре боккха а, кIоргга а Iам бу. Иза хIордан сизал 1869 метр лакхахь бу. Iоман кIоргалла 74 метр ю. Йохалла – къилбаседехьара къилбехьа 2 километр, малхбузехьара малхбалехьа  2,7 километр. Уггаре йоккха шоралла – 735 метр.

grozny-isa.livejournal.com

« «Къонах» боху исбаьхьа дош»

- аьлла статья язйина блоггера Чагаева Тамарас:

Цкъа цхьаьна цхьанакхетарехь хьалха Москван мэр хилла волчу Лужков Юрийс Эсамбаев Махьмуде элира: «Махмуд, ты настоящий къонах!». Цу дешан маьIна девзарш хазахетарца куьйгаш детта буьйлабелира. Ткъа и хIун дош ду ца хуурш, шайна уллехь Iашболчарга хетта буьйлабелира М.Эсамбаев сел чIогIа велавелла, шега вистхиллинчунна мара кхетийтиначу дешан маьIна.

Тахана, «Хьайбах: таллам дIахьош бу…» киншкин хьалхалера кеп тоечу хенахь, цхьана стагах лаьцначу  дийцарна тIе нисъелира со. Цу стеган цIарна уллехь хIиттош ду «къонах» боху дош. Хьайбахахь хиллачу бохаман теш хилла волу Закриев Саламбек ву цигахь вуьйцург (хIинца-м дийна вац иза). Шуна дерриге а кхетийта, и стаг вевзачу наха дийцинчух цхьа кийсаг ялор ю ас: «Кхин цхьаъ бохам нисбелира Закриев Саламбекан доьзална тIе. Бевдда боьлхучу зударийн а, берийн а тобанца цхьана яра кхуьнан зуда Сацита, карахь шо кхаьчна кIант Сайхан а волуш. ХIетахь доьхкуш ма-хиллара, бер йовлакхца букъа тIе дихкинера цо, иштта яда аттаха дара. Сацитина уллехь яра доьзалхочух йолу Эльгакаева Мелимат а, йоьлхучу жимачу йоьIан куьг лаьцна кхин цхьаъ къона зуда а.

Цхьанхьара герз детта дуьйлира. Хьалхаха Мелимат охьаюьйжира, тIаккха къона зуда. Юьйжира Сацита а. Хилларг хиъна волу Саламбек цхьана воккхачу шина стагаца байъинарш лаха вахара. Дукха ца Iаш тIекхечира уьш бохам хиллачу метте. Еллачу Сацитин тIехула Iуьллуш вара Саламбекан жима кIант. ЧIогIа лазийначу, леш йолчу зудчунга мухха а, йовлакхах бина шед схьабастбелла хилла. Цхьа тамашийначу бIаьргашца хьоьжура бер шена тIехIиттинчу нахе. Цхьа де а, буьйса а яьккхинера кIанта ненан докъанна уллехь.

Саламбек воьхнера. Уггаре хьалха цуьнан коьрте деара: хIинца, ша вовза а вевзина, баккхийчу наханна хьалха, кIант шена тIеозалург хилар. «ХIан-хIа, иза ма хилийталахь. Ма хилийталахь…», - доьхура Саламбека Деле, баккхийчу наханна тIехьа а лечкъаш. Шен дегIе хьаьдина шийла хьацар хаалора цунна. Нохчийн Iадаташца догIуш дац баккхийчу нахана хьалха бер хьастар. Саламбека даима лардора и Iадат. ХIинца а, шена уггаре хала долчу минотехь а, баккхийчу нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттучул, ше кIант велла хуьлуьйтур вара цо.

Ткъа кIант-м, шен ненан шийлачу дегIах схьа а ваьлла, лачкъа гIерташ, генна вуьйлучу шен дена тIеволавелира, такха а текхаш.

«Делан дуьхьа, дIа ма таттахь иза», - дийхира баккхийчу наха, берана некъ буьтуш. КIанта, лаьттачарна ша тIе ма кхаьччинехь, тIе а текхна, меллаша шен ден когаш мара боьхкира… Баккхий нах боьлхура…»

t-chagaeva.livejournal.com

«Зазин совгIат»

аьлла шен ненах лаьцна Мазаева Бэлас яздина долу дийцар даладо шен блогехь Сайдаев Ислама:

Дукха хан йоццуш, Россин коьртачу цхьана каналехь Советан союз йолчу заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу клоунах Попов Олегах лаьцна передача яра. Цуьнга хьаьжинчул тIаьхьа, сайн ненах Зазех лаьцна гIайгIане а, самукъне а дагалецамаш хьевдира сан даг чу. ДагадогIу, цу генарчу хенан цхьана дийнахь тхан нанас доккха совгIат динера тхуна – гIараваьллачу клоуне самукъа даккхийта цирке дигира тхо.

Сан ненан цIе (Дала гечдойла цунна) Лабазанова Заза яра. Иза йина 1947-чу шеран 1-чу майхь махках ваьккхинчу Шишханов Хожин доьзалехь. Цуьнан цIе нохчашлахь туьллуш яцара. Цу ц1арца доьзна дийцар, цуьнан дерриге дахар а санна, тамашийна дара. Казахстанехь волчу хенахь, Зазин дас колхозера етт дIа а бигина, махках баьхна болу мацбелла нах бузийнера. Цу бахьанехь набахти чу воьллинера иза. Цуьнца цхьана набахти чохь Заза цIе йолуш цхьа гуьржи хилла.  Кхо шо хан чохь яьккхина, цу ханна шен доттагI хиллачу Зазица ша дIасакъаьсташ, Хожас дош делла хилла гуьржичунна, цуьнан цIарца шен дуьххьарлерчу доьзалхочуна цIе тилла. Иштта дIайолалуш ю сан ненан Зазин дахаран истори.

1957-чу шеран апрель баттахь сан ненан доьзал Соьлжа-ГIала цIа бирзира. Амма уьш хьалха Iийначу меттехь кхин нах бара Iаш. Заза шен деца, ненаца Октябрьски районехь яха хиира. Жима тIаьхьуо, петарийн цIенош дечахь болх беш хиллачу Зазин нанна – Алиева Тамарина «Березкин» кIоштахь петар елира.

Заза йоккха а хилла, ненаца цхьаьна гIишлош ярехь болх беш яра. Тамарина шен йоIанна кхин а диканиг дезара. Цундела хIуманаш тега Iама яхийтира цо Заза. Иза боккха аьтто бара, хIунда аьлча хIетахь нохчашна деша ваха вуно хала дара. Шина шарахь деша дезаш долу дешар, цхьаьна шарахь эха шарахь чекх а даьккхина, №4 йолчу ателье балха яхара Заза. «Вайнах» ансамблан хелхарчийн костюмаш кечъйора цо. Эсамбаев Махьмудан цхьадолу духарш а тегнера Зазас.

ТIаьхьуо, «Силуэт» цIе йолчу хIуманаш тоьгучу фабрике балха яхара сан нана. Цигахь дика говзанча санна билгалъяьллера иза. КхидIа фабрикин куьйгалхо яхийтархьама, Ростован кIадин промышленностан институте деша хьажаян гIерташ бара куьйгалхойх болу нах. Амма дас-нанас ша цхьаъ яха пурба а ца делла, Ростове деша ца йоьдуш йисира Заза.

Тхо цирке дахарна тIе юхайогIуш ала деза, сан хIетахь исс шо дара, цхьаузза бен со сайн ненаца кхин циркехь хилла яцара. Сан халахетарна, нанас чIогIа вийцина волу клоун О.Попов циркан актерийн тобана юкъахь ца хиллера. Амма, ша гIараваьллачу клоунна куй тегарх лаьцна сан нанас дийцар цкъа а дицлур дац суна.

60-чу шерийн юккъахь дара иза. Нанас болх бечу фабрикехь дIакхайкхийна хилла цирк схьайоьллуш хилар. Москвара а, Ленинградера а Соьлжа-ГIала бохучу циркан артисташна совгIатна костюмаш тега аьлла хилла. Билгалдаьккхина артисташна юкъахь Попов Олег хилар а. Цу хенахь совгIатна яла хIума тега кIади карадан вуно хала хилла, шен чотах хIетте а. ТIаккха Зазина дан хIума карийна: кIадех мел йисина цуьргаш схьа а лахьийна, царех куй тега дагадеана цунна. КIадин цуьргаш нийса вовшах а хIуттуш, куй тегна Зазас, дехьа-сехьа а, лакха тIехь а кхо нуьйда йолуш. Нуьйдарчий тIехула Iаьржа кIади тегна хилла. Ткъа куйн чухулара кIади кIайн басахь хилла.

Заза ца кхаьчна цирк схьайоьллучу. Цхьана кехата юкъа а хьарчийна, шен накъосте Саците О.Поповна дIало аьлла, куй дIабелла цо. Клоун хьажархошна уллехула тIехволучу хенахь, Сацитас шегара кехат дIа кховдийна цуьнга. О.Поповс шен коьртара куй схьа а баьккхина, кхоьссина  арени тIехула дIа а ластийна, сан нанас тегна куй тIетиллина. Ткъа цул т1аьхьа, дIа ца вохуьйтуш, вехха сийцинера хьажархоша шайна дукхавеза клоун.

Керла куй артистехь дукха тайна хилар бахьанехь, шолгIачу дийнахь афишанш хийца йийзира. Керлачу суьрташ тIехь сан нанас белла куй а тиллина вара гIараваьлла клоун.

Нана йоцу пхи шо хан ю х1инца. Телевизор чухула Попов Олег мосазза гойту,  сан самукъа долу, ткъа дага тIехь йовхо хуьлу…

islam_saidaev.livejuornal.com

Зорбане кечйинарг – А.Мусаева

Гечдехьа, нана...

Нана… ХIун хир ду хьол хьоме а, деза а?!.. Хьайн дайнчу, къинхетамечу куьйгаца дIаойъу ахь муьлхха а бала, синтем бо са бIарзделла хьийзачу дагна. ТIулг хуьлий лаьтта хьо, хьайн доьзалхо ларвеш, дахаран баланашна, гIайгIанашна дуьхьал а яьлла. Нана… ХIун аьлла хьостур дар-те хьан дог?! Тхо декхарийлахь ду хьуна хьалхьа, нана… Ма хала кхиийна-кх ахь тхо. Ма къиза дьуне диъна-кх ахь… ТIемах, зенах-зуламах довддийна, тхо кIелхьара даха гIерташ, хийрачу мехканашкахула хийлла йиттина ахь декъаза йорт… Ма ца бо-кх хьан хам. Ас ца бо-кх…  Юх-юха а дохко юьйлу… Гечделахь, йа АллахI! Гечделахь, нана!..

…Ма турпала наной бу-кх вайн нохчийн наной! Церан санна доьналла, яхь, къинхетам, иман, собар долуш  зударий бан а буй-те олий, дагадогIу… Амма сан ойланехь цхьа а шеко-м ца хуьлу… Делахь а, нохчийн наношка кхочуш кхин зударий цахилар керладоккхуш, и ойла йогIу сан коьрте… ХIан-хIа, ас ца боху кхечу къаьмнех болу наной ледара бу. «Нана» боху дош муьлххачу маттехь аьлча а, и нана муьлххачу къомах хилча а – цулла хаза дош а, цулла деза адам а хуьлийла дац адаман дахарехь. Муьлххачу махкара елахь а, муьлххачу къомах елахь а сийлахь ю нана! Делахь а, нохчийн маттахь ма исбаьхьа а дека-кх и дош! Суна санна шуьна а хезий-те иза иштта хаза: нана, нана…

Ма тоьур дац-кх тептарш нохчийн нанойх лаьцна дийца… Ма дукха баланаш лайна-кх цара, ма хийлла хало гина-кх, ма чIогIа дилхина-кх церан бIаьргаш… Къизалла, мацалла, шело, нохчийн къам махках даккхар, харцо, тIом, адамийн декъеш, дохийна урамаш, дай баьхна шахьарш а, ярташ а… И дерриге шайн бIаьргашца гина-кх царна, гина кхин эзарнаш баланаш а… Делахь а, яхь дIа-м ца елла… Цхьанна а бовза-м ца бовзийтина шайн кийрара бала.

Нохчийн нанойн коьрта масал ду суна сайн нана. Кест-кестта ойла йо ас… Муха лайна-те цо оццул дукха баланаш… Цхьайтта шарахь цхьаьна классехь дешна, жимчохь дуьйна цхьаьна хьалакхиъна, вовше дезаш-лоруш хилла, эххар а, Делан лаамца цхьаьнакхетта долу ши адам... Хазахетар а, халахетар а, дахаран халонаш, чолхенаш, дерриге цхьаьна ловш, доькъуш, ворхI шарахь бертахь даьхна ши адам дIасакъастар – ма хала хIума ду-кх… Делахь а, Дала кхоьллина ду вай дерриге а, Цуьнга духадерза дезаш а ду… Карахь 5 шо кхаьчна кIант а волуш, со кийрахь ю-яц ца хууш, хьуо цхьалха йисича, хIун дира-те ахь, нана?!.. Муха лайра-те и бала хьан жимчу даго?.. Ткъе итт шо… Ма жима хан яр-кх иза, дуьненахь хьуо цхьалха йиса... Амма къона елахь а, доьналлица чекхъелира хьо, собарца тIеийцира Делан кхел, цхьанна а хьайн бIаьрхиш ца гойтуш… Хьайн кийра бузонза а, тхуна  кхача баош, айхьа шело лайна а, тхо довха лелош, мел хала зама хиларх, мерзниг бен ца яош, хазниг бен тIе ца духуш, лелийна ахь тхо. Дукха шахьарш тиллина ахь, тхо тIемах довддийна, тхуна кхерамзалла а, паргIато а лоьхуш. Дуккха а ду дийца хьан доьналлех лаьцна а, нохчийн нанойн доьналлех лаьцна а… Мел дукха диканаш оха дарх, мел чIогIа тхо хьестадаларх, шуна хьалха долу тхайн декхар меттахIотталур дац тхоьга. Баркалла шуна, тхан сийлахь наной! Баркалла, сан нана, хьуо цхьалха йисича, тхо тесна а ца дуьтуш, хамталла ца деш, массо вуочу хIуманах лардеш, ийманехь-исламехь тхо кхиорна!.. Гечделахь, нана, ас лаамаза хийлла хьуна динчу халахетарна, лаамаза ас хьан бIаьргех мел далийтинчу хинна, хеназа къежъеллачу хьан месашна, хууш, ца хууш, хьан дагна ас мел бинчу цатаманна… Хьо къинт1ера ца яьлча, йижа каш долуш яц-кх со. Гечдехьа, нана, гечдехьа суна…