Category: эзотерика

Category was added automatically. Read all entries about "эзотерика".

Моя первая работа на чеченском(в неисправленном виде)))

                « Кегийрхошка кхайкхам»                          

                                                                  Нохчийчоь, ма дукха а ду-кх хьоь ала,

                                                                  Делахь а, ца кардо хьо хасто дешнаш.

                                                                  Сан Даймохк, ахь мел лайна бала,

                                                                  Цхьаммо а ловр ма бац – цуьнах со тешна.

   Ойла ян х1утту со… Делахь а, ойлане ца лацало вайн нохчийн къомо а, вайн Даймахко а мел лайна хало а, г1айг1а а, эшам а… Суна схьахетарехь, иза адамийн ойлане лаца а лур дац. Эзарнаш д1акхелхаш, эзарнаш байлахь буьсуш, эзарнаш заь1ап хуьлуш, эзарнаш чу ваха ц1а доцуш буьсуш, эзарнаш т1епаза д1абовш, эзарнаш, цхьа а бехк боцуш, 1азапехь латтош, бойъуш, отуш, х1аллакбеш б1ешерашца схьадеъна вайн нохчийн къам. Сибрех д1адуохор т1ера дуьйна дукха хан йоцуш вайн махкахь хилла т1емнаш т1е кхаччалц, хийлла хало лайна вайн къомо… Хийлла хало лайна, амма гора-м ца х1оьттина, къар а ца делла.

   Мел ч1ог1а хало т1е нисъяларх нохчаша шайн сий ца дайъина. Шен хьалхалерачу тайпанехь ма хиллара вайн къоман 1адаташ, ламасташ схьадеъна. Шеран хийцамех дозушдоцуш, лардина дин а, г1иллакх-оьздангалла а, зудчун сий а, даимма а лерина баккхий нах. Иштта, таханлерчу дийне кхаччалц схьадеъна вайн дайша, хийцамаш ца беш, нохчийн оьзда г1иллакхаш, 1адаташ. Къиза а, хала а бара вайн къомо, парг1атоне кхача г1ерташ, бина бехха некъ. Ткъа тахана, Хастаме Далла вайн и парг1ато елла. Вайн махкахь машар бу. Гондахьа яц кхин, д1ахьаьжча б1аьрг 1ийжош йолу, йохийна шахьарш, х1усмаш, эрчадаьккхина 1алам а, д1ахьаьжча а, схьахьаьжча а декъий дац 1уьхкуш, бехк боцуш байъинчера, доьлхуш бераш а дац, наной а бац. Массо аг1ор хаза 1алам ду, хазлуш ду г1алийн а, яртийн а урамаш, дикчу аг1ор хийцалуш ду нехан дахар. Делан къинхетамца таханлерчу дийнахь бусулба дин шуьйра даьржина Нохчийчохь. Зударша т1едуьйхина Дала фарз дина долу духар, дуккха а маьждигаш, хьуьжарш йина вайн шахьаршкахь а,ярташкахь а. Хьафизийн школаш ю еш. Дукха хена дуьйна вайн дайша къийсина, сатийсина йолу динан парг1ато ю вайгахь. Бусулба дин 1амо а, довза а таро ю. Ч1ог1а хазахета кегийрхоша бусулба дин 1амо лаам гучубоккхуш, т1алам беш. Делахь а, цуьнга хьаьжжина доцуш, адамаш тайп-тайпанна ду вайн махкахь. Тахана гуш дерг х1ун ду? – Оццул ч1ог1а даржочу динан, г1иллакх-оьздангаллин юккъехь  иман, ислам, къоман сий сийсаздеш, керстанех тарбелла, малхбузера 1аткъаме бирзина дакъазбевларш а бу. Боккхачу дагахьбаламна, уьш к1еззиг а бац. Дукхачу хьолехь, вайн т1екхуьуш долу къона чкъор ду и. Тахана хийлла школийн дешархой бу стаг вахош долу бес-бессара маларш муьйлуш, цигаьрка-м юьйцучахь а дац… Цара уьш парг1ат муьлххачу туькнахь эца а оьцу. Ткъа йоь1ан, к1ентан йолу юкъаметтигаш инзаре эвхьаза йоьйла. Захло дуьйцучу хенахь дукха хьолехь, цхьа а теш хуьлуш вац, шаьшбевлла бен лаьтташ бац, к1ентаний йо1анний юкъахь башха меттиг хуьлуш яц,яххьаш дуьхь-дуьххьал ерзайо,вовшеха хьовсарехь, къамел дарехь, цхьа а эхь-бехк хуьлуш дац. Иштта кегийрхойн духар а хийцаделла, кочан юх х1ора шарахь жим-жимма яцлуш ю. Малхбузера, керста къаьмнашкара йолу бес-бессара тобанех тарбала г1ерташ, шайн т1е оьзда доцу духарш дуьйхина. Де а, буьйса а башхалла йоцуш арахьхулла лелаш ду зудбераш а. Х1ан-х1а, ас ца буьйцу шуна цхьа а дин доцуш, эхь-бехк доцуш, шайн сий доьхкина, Дала хьарам динчох чам кхетта, магийна долчул дехьа бевллаберш. Вайн массаьрна хаьа цу тайпа зуламхой буйла, уьш бийцарх цхьа а пайда бац, Дала ца нийсбахь, уьш цхьаьнгга а нийса а лур бац. Ас буьйцурш вайн кегийрхой бу, хьарам долчун герга бахана болу. Малхбузера 1аткъамна кера бахна уьш, нийсачу новкъара галбевлла, делахь а т1аьхьа дац шуна, хийцадала таро ю  шун.  Бусулба дац шу, нохчий дац шу?!! Эхь ма ду и, ойла еш шаьш мича кхача г1ерта?! 1аьнан йисттехь ма ду шу, кхи цхьаъ харцахь ког баьккхича, оцу бухбоцу 1инах чу оьгур долуш. Вайн дайша акхачу къизаллехь б1ешерах чекдаьккхина, вайга схьакхачийна сий дайъа г1ерта шу, 1адаташ диц дан г1ерта шу?! Хьовсийша гонахьа, ма хаза масалаш ду шуна, Дала шайх къинхетам бина, нийсачу новкъа бирзина, бусулба дин 1амош, бусулб духар лелош кегийрхой бу шуьн вайн махкахь. Шуьна ца лаьа кханлерчу Къемат Дийнахь Далла хьалхьа юьхьк1айн г1итта? Т1еххаза ялсмане кхача ца лаьа? Шен са ца дезаш цхьа а адам хир дац дуьненчохь. Шайн са жоьжахатенах к1елхьара даккха йиш йолуш ду-кх шу, ялсмане боьду некъ харжа йиш йолуш а ду. Оццул парг1ато хиллча, шайн дахар а, эхарт а ирсе дан шун кхин х1ун оьшу?!